Posts

Маршалла ду шуьга, нохчий..)
Харц ойла ца кхоллаялийта цхьа хlума билгалдаккха лаьа суна.
Хlара агlо лелош ша Бексултанов Муса вац) цуьнан кхолларалла езаш а, лоруш а долу адамаш ду)

Ларамца Malika Guno

Цхьалха ду-кх тхо, цхьалха...

(дийцар юккъера кийсиг)

Image may contain: text
Photos
Posts

МогIа а цхьаъ…

Саза, хьуна…

… Юрт жима хуьлу, кераюккъал, хьо гинарг гина валале – гIан хадарх, ...

Continue Reading
Image may contain: text

"..Шен чоица, гIовталца, маьхьсешца, сурам-куйнаца, кIалд-даьттий-берамца, логгера вета къевлинчу кучаца, хьонкица, хьаьжкIашца Махьшаре хIотта деза къам, Дала шена еллачу амалца, шен хотIаца, маттаца. Ша мила ву хууш, ваха веза стаг Далла дуьхьал, ша Цуо ма-кхоллара, нохчо а волуш, ингалсхо, гIазкхи, немцо хила а ца гIерташ..."

Бексултанов Муса

сурт - Яхиханов Рустам

Image may contain: 1 person

"..Хьо Деле ехначийн безамна алий,
Яхалахь, Нохчийчоь, малха а ялий....."

Алиев ГIапур

No automatic alt text available.
Malika Guno is with Юсуф Яр-Али and 78 others.

"..Хьо Деле ехначийн безамна алий,
Яхалахь, Нохчийчоь, малха а ялий....."

Алиев ГIапур

"Марша догIийла шу Кавказан «Назмане»!
Тхан белхан коьртачу агIонех ду — иллийн (эшарийн, мукъамийн) продюсировани яр а, уьш дIаяздар а, тхаьш кхоьллина продукци ладогIархошка дIакхачаяр а. Кхузахь шун аьтто хир бу тхан кхолларалла йовза а, тхан компанин таронех, Iалашонех лаьцна хаа а, тхоьца зIене довла а. Кхин а, оха хазахетарца жоьпаш лур ду шуна тайп-тайпанчу хеттаршна тхаьш бечу белхан хьокъехь.
Тхан сайтан тIехь шун таро ю Кавказах лаьцна Iилманан тематикех долу хаарш алсамдаха. Оха шун тидаме бохку Кавказан халкъийн культурех а, литературех а, иллех (эшарех, мукъамех) а, исторех а, гIиллакхех а, ламастех а гIарабевллачу Iилманчийн белхаш а, иштта видео-материалаш а.
Ларамца - NAZMA сайтан администраци"

"...сан илли дIадоьду сира сай санна, тарханийн назмане ладоьгIуш латта..."
nazma.eu
Company
NAZMA's photo.
NAZMA
1,054 Likes

СТУДЕНТ
Ахмадов Мусана,
цуьнан аьрха жималла дагалоьцуш.

ТIаккха хIета, хIаъ, итт класс яьккхича (197… шарахь дара иза), тхайн нене сайн цхьаъ бен йоцчу сийначу хечина сиз боккхуш иту а хьакхийтина, «ХIуьнехдинарг – Грозный» аьлла яздинчу автобус тIе билет оьцуш хьалаваьлла – суо интеллигент хила гIертаре терра, – Соьлжа-гIала, университете деша ваха дагахь охьа чу тилира со, киснахь нийсса кхо туьмий ворхI сом ахча а долуш. Сан хIетахь берхIийтта шо бен дацара, кхо туьмий во...

Continue Reading
Image may contain: plant, tree, shoes, sky, grass, outdoor and nature
"..Ас тоьшалла до: нохчийн мотт лийр бац, со дийна мел ву, цкъа делахь. ШолгIа делахь, вай буьйцуш мел бу, бехар бу мотт. Кхера а ца кхоьруш, ийза а ца луш, шек а ца хуьлуш, Iовдала кураллаш а ца лелош, денна бийца беза къомо шен мотт. [ 24 more words. ]
nazma.eu

“Дахаран куьзга”_Ошаев Халидан кхоллараллех лаьцна

Посмотрите запись, чтобы узнать подробности.
nazma.eu

ТIом кхин цхьаъ тIаьхьа хиллера... (чаккхе)

– Суна ца хаьа ахь мила лоьху, хьох нах боьлий-м хаьа суна, хьайн доттагIий а тIехь… цхьамма а кхайкхиний хьо шаьш зударий балийча…
– Уьш хIунда буьйлу, дийцахь, церан зударий а битий!
– Уьш дера буьйлу, кху махкана хуург хьуна ца хуу дела! ...

Continue Reading

ТIом кхин цхьаъ тIаьхьа хиллера...

Тхан кайоцуш гIело йинчу
мехкан йижаршна
бехкала воьдуш… ...

Continue Reading
Image may contain: plant, sky, tree and outdoor

...ДОIА-КАДАМ А ХЬАНАХ БУ-КХ...

Дакъа коша чу охьа а эцна, тlехула верта лаьцча (упханаш дlанисдеш юьртан къеда а волуш), нах жим-жима дlаса бевлира, шайн-шайн коша тlе хlуттуш, шайн беллачаьрга бистхила санна.
Тийналла яра, юьртаца цхьа а уьйр йоцуш санна, кешнийн керт гlайре а хеташ.
Чарташ гуора тайп-тайпана: лекха, лоха а, гара, нийса а, цкъа мацах новкъа девллачуьра цхьа хlумано-м lадийча санна, дагалецамаша совцийна лаьтташ, я гlайгlано гlелдича санна......
...дагалецамийн чам-м бац-те хьан дагах хьерчаюьйла ойла я цхьаллин чам бу-те — кешнашкахь синхьаам буссу-кх суна, цхьа гlайгlане синхьаам, со кхузара цкъа а дlавахана, юха, лелла а схьавеъча санна...
...кешнашкара юьрта дlахьаьжча, юрт елча санна хета-кх суна, чарташна юрт иштта гуш санна: кхузарнаш дийна а гуш, цигарнаш бела гуш санна...
...мила, мичахь ву техьа-кх вайх, доlа-кадам а хьанах бу-кх...

See More
Image may contain: one or more people, sky, tree, outdoor and nature
Rasul Shagidow

Тхо дара шу санна! Шу хир ду тхо санна!

Матто кхуллу Даймохк

(Эссе)

...Continue Reading
Image may contain: indoor

lахар

Хьуна, сан lахар,
кхин цкъа а хьуна… боккха
ма хилахь, цкъа а боккха.

...Continue Reading
Image may contain: outdoor and nature

КЪАЙЛЕ

Бlешерийн анайистехь, йоза кхолладелча дуьйна схьа, яздаза хlума дисна а дац — цхьа Шекспир а тоьар вара.
Амма хlора а яздечунна шенна вага дош а деха.
Ас тlамах ца яздина, lаламах я кхолламах а. Со дерригчу дахарехь цхьа къайле йовза гlиртина — хьох къаьстина дlайоьдучу (юха кхана а гур йолчу) зудчун хьажаран къайле. Уьш дукха а хилла чlогlа (тlаьххьара долу хьежарш), суна цхьаъ долуш санна хета (кхуьнан, вукхуьнан аьлла доцуш) — къайле ю-кх церан цхьаъ, юкъара ю гlай...гlа а, хьох къаьсташ тlаьххьара схьахьаьжначу бlаьргийн.

Муса БЕКСУЛТАНОВ,
08.1998 шо

See More
Бексултанов Муса updated their profile picture.
Image may contain: 1 person